«Нохчйин мотт-дахаран хазна»
21.04.202521 апрелехь 2025 шарахь, Шелкозаводскерчу йуккъерчу школехь, нохчийн меттан хьехархочо Вараева Р.Т. д1айехьира 9,,А" классехь 25 апрелана лерина Кьамел даран урок. Хьехархочо дийцира муьлхха а къоман дахар , кхиар оцу къоман маттах доьзна хилар. Таханлерчу дийнахь нохчийн маттах, цуьнан исбаьхьаллех, хазаллех дийца аьтту бу вайн дуьне мел ду.Халкъан дахарехь мехала хазна йу вайн мотт,цуьнца доьзна ду вайн халкъан г1иллакхаш.Ненан мотт хаар а, и 1алашбар а ,цуьнан сий- пусар а дина, и д1акховдор т1ехь ду вайна т1екхуьучу къоначу т1аьхьене бохура нохчийн меттан хьехархочо Вараева Р.Т.