Урок ,, Ц1ердешнийн терахьаш"

22.04.2025

 22.апрелехь2025шарахь  МБОУ Шелкозаводскерчу йуккъерчу школехь Нохчийн меттан денна лерина  д1айехьира 5 ,,А" кл. йиллина урок ,, Ц1ердешнийн терахьаш"И урок кечйинарг йара  нохчийн меттан хьакъйолу хьехархо Вараева Р.Т.Шен урокехь цо тайп- тайпана белхаш бира дешархошца: тобанашца, т1едахкарш долчу кехаташца, классан уьна т1ехь д1адехьира къовсадалар,долийна кицанаш чекхдохура дешархоша, хазаран диктант.Хьехархочо йукъайалош йолу кепаш урокийн лехамашца йог1уш йара. Хаарш талларан технологех пайдаэца хьожу ша урокехь бохура нохчийн меттан хьехархочо.